Даймехкан косташ, илли алархо - Валид Дагаев, Дешнаш - Мамакаев Мохьмади

Sdílet
Vložit
  • čas přidán 24. 06. 2021
  • Даймехкан косташ
    Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
    Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший,
    Шун оьзда гIиллакхаш - Даймехкан безам бу,
    Барт болуш гулдалар - сан дагна хаза ду.
    ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,
    Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,
    Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со,
    Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо:
    Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,
    Чохь чIана эшийна шун дагна вас ца еш,
    Массанхьа Iу хилла, шаьш хала кхиийна
    И къена шайн дада тергалве, боху цо.
    Хеназа самаюьйлуш, шун меттан мотт хуьйцуш,
    Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш,
    Доьзалан хьашташа хеназа къежйина
    Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо...
    Де доьхна Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,
    Мацалло бIаьрздина, гIелонна кIелдуьсчохь,
    Бохамна, харцонна юьхь дуьхьал хIиттинчохь
    Собарах, стогаллах ма довла, боху цо.
    Хало тIейоьттинчохь, стогаллах хьо валахь,
    Хьайн мехкан сий лардан ахь хьайн дог кхоадахь,
    Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь,
    Ша - Даймохк кIинтIера бера бац, боху цо...
    Мамакаев Мохьмад.

Komentáře • 10

  • @Rich.82
    @Rich.82 Před 8 měsíci +1

    Скачал и отправил, людям😇 которые мне дороги, спасибо всем, кто причастен к данному видео.

  • @user-so5iv7nt8g
    @user-so5iv7nt8g Před 19 dny

    Дериг ночи дахар чу доьрзуш, дахар вахар дуьненчохь лелар дериг чу лоцуш хаза илли ду.
    Дела реза ала лаьа Валид Дагаевна

  • @user-tf3zg7fc5s
    @user-tf3zg7fc5s Před 2 měsíci

    ЧЕЧНЯ, НОХЧИ,НОХЧИЧОЬ❤❤❤❤

  • @user-tf3zg7fc5s
    @user-tf3zg7fc5s Před 2 měsíci

    Аль Буракь,

  • @islamstrannik2738
    @islamstrannik2738 Před 8 měsíci

    👊🤝✊👊👍🤛

  • @McZem
    @McZem Před rokem +1

    Машаллах !!!

  • @jonkillman3729
    @jonkillman3729 Před rokem +1

    Маржа йаl, сан дай баьхна латта...

  • @user-vu4hr9rg3l
    @user-vu4hr9rg3l Před 2 lety +1

    Ма илли ду и

  • @Ffff-vo9qr
    @Ffff-vo9qr Před rokem

  • @user-nq7bf3kx7t
    @user-nq7bf3kx7t Před 7 měsíci

    То поэзия не оценимая высокого нрава чеченца. Многие не осмыслевают зночение этой иле. А сколко тех сложивших сваю голаву. Сам. Темур с клониб голаву. От воспетой. ❤ Иншала