Вешин зудчуьнца ша висар / Ӏадлан

Sdílet
Vložit
  • čas přidán 21. 08. 2024
  • Кху тӏехь ӏадлана дуьйцу лело ца дезаш долу ӏадат, вешин зудчуьнца ша висар санна долу ӏадат ду, ахь ойла йича вайн гӏиллакхашца догӏуш а ца кардо хьуна цу тайпа ӏадат, амма мухха делахь а, Дала цхьа хӏума хьарам дича, иза кхачо хила езаш ю вайна! Ткъа шен къоман ӏадаташ а, гӏиллакхаш а лело дезаш ду, уьш динан дуьхьала догӏуш мел доцу!

Komentáře • 187

  • @paydetoba
    @paydetoba  Před 11 měsíci +2

    Кху тӏехь ӏадлана дуьйцу лело ца дезаш долу ӏадат, вешин зудчуьнца ша висар санна долу ӏадат ду, ахь ойла йича вайн гӏиллакхашца догӏуш а ца кардо хьуна цу тайпа ӏадат, амма мухха делахь а, Дала цхьа хӏума хьарам дича, иза кхачо хила езаш ю вайна! Ткъа шен къоман ӏадаташ а, гӏиллакхаш а лело дезаш ду, уьш динан дуьхьала догӏуш мел доцу!

  • @127-fm4zh
    @127-fm4zh Před 11 měsíci +3

    Аллах1о йохь 1аьржонах лар дойл вай!

  • @user-uv3vi1ww6f
    @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci +1

    Аьхь ца хет шун Аллах1о ца маг до бохш лятщяхь 1адатш дийц. Аллах1о иман чу дал дойл вай Я не думал что остались у нас такие люди. Ты приводиш им достоверный хьадис они тебе 1адатш. Аллах1о ца магин дол х1ум магуш дол любой 1адат боьг1 х1ум дукх ца11а щеко йоцш.

  • @user-sf5uh7ei5g
    @user-sf5uh7ei5g Před 5 měsíci

    Вешин зуда вайна нана а йиша а ю.Аьрбийн шичой вовшашка маре йоьхуш хилла

  • @user-bi4in3iq6z
    @user-bi4in3iq6z Před 4 měsíci

    21 шарахь марваша вешийн йисан 1ачу зудчуьнца,цуьна кхоъ бер а лелош ,шен зудий,шиъ берий д1а а тесана 1ийнийна ххилча х1у дан деза,зударий,божарий а ларлолаш цу вешин зудчуьнца долчух

  • @user-ic4ud1tz5p
    @user-ic4ud1tz5p Před 10 měsíci +1

    Адлан тигр, хьай болх бе ахьа

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 10 měsíci

      ..." ТИГР" ЕРУНДОЙ НЕ ЗАНИМАЕТСЯ .!

    • @user-ic4ud1tz5p
      @user-ic4ud1tz5p Před 10 měsíci

      @@mishaafgan3177 де т1ен г1о хьуна, ерундой бохург динах ца вашар или ца яшар ду хьа?

    • @user-ic4ud1tz5p
      @user-ic4ud1tz5p Před 10 měsíci

      @@mishaafgan3177 эццул шубухатш д1айоккхуш термер борща жоп делча хьайна, баркал баха дезар хьуна, Адлан санна 1еламча наха иштта шубухатш д1айохуш жоьпш луш ца хилча дин доха кхерам бу

  • @127-fm4zh
    @127-fm4zh Před 11 měsíci +2

    Д1а довлиш пал ца пуьчш Ламазш до ас марха кхоб ас сай ваш ц1ахь валахь вацахь чу вуьди яам юи ара вол со са веши зуд са йиш сан юкх сун

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Пал ахь буьйцу, хӏунда аьлча бусалба динехь мегаш дац бохуш лаьтташехь, цхьа а корт боцуш къамел деш ву хьо. Мел чӏогӏа хьо цхьаъ цӏена авлияъ велахь а мегаш дац-кх хьуна хьайн вешин зудчуьнца хьой виса

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 10 měsíci

      ... ВАХХАПЁРЫ ТОЖЕ ТАК НАЧИНАЛИ.!
      ... СТАЛИ УЧИТЬ "ИСЛАМУ" НАРОД ЧЕЧНИ И СВОИХ РОДСТВЕННИКОВ.!
      ... А ЗАКОНЧИЛИ КАК БАНДИТЫ И УГОЛОВНИКИ.!
      ... КХАРА КХЕТО ДЕЗАШ ДЕЛАХЬ МА КЪА ДУ ВАЙ.! 🤣
      ...ОЬЗДАЧУ СТАГА И КЪАМЕЛ НАХАНА Д1А А ХОЗИЙТАР
      ДАЦ.!
      ... ОБЫЧНО ГОВОРЯТ О ТОМ, ЧТО У КОГО "БОЛИТ".!

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci +1

      @@mishaafgan3177 цхьамма бусалба дин цӏена леладахь цунах "вахабист" олу вай. Масала хӏинцачул масийтта шо хьалха Аллахӏа фарз дина тӏедиллина долу хьижаб лелош ерг "вахабистк" яр кхарна, иза куьйгалхочо "фарз ду, лело дезаш ду" аьлча дукха сиха дӏаделир вахабистийн хӏума долчера. Дала а, Пайхамара а (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) важиб (обязательно) йина лелаяр тӏедиллина йолу маж хьокъехь а изза хьал дара вайн Нохчийчохь, иза а ӏедалехь волу куьйгалхочо лело яькхча - вахабистийн йолчера цхьа тамашийна дӏаелир дукха сиха)). Йол-йолуш нахана юкъара почти дӏа а яьлла "вахабисташ" боху цӏе, хӏунда аьлча дукха нах кхетта цу ловзарах, "вахабист" аша дин лелочух, суннат лелочух олуш дуй нах кхетта, цундела хьайна Аллахӏан дин ца дезахь, кхин цӏе мукъне йолае, "вахабисташ" боху цӏе модера а дӏа ма яьлла

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci

      Дклдахь ма к1ез. 1овдвл вацкх хьо.

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 10 měsíci

      @@paydetoba .. ВАЛЛАХ1И, ШУН КХИ Ц1Е ЙАМ ЯЦ _ВАХХАПЁРЫ ЙОЦУРГ.! _
      ... КЪАМЕЛ ШАЙНА МА ЛУЬА
      ДИЙРА-М ДУ АШ.!

  • @gansweber8886
    @gansweber8886 Před rokem +3

    Шаьшиъ ма дис бохи техь дал, чу ма вит бохург кхи къамел ду. Дол да дез, керт вах вез, 1унал да дез. Важ д1а дерг лар да дез, шаьшиъ ца дис, муьлх нех зудчунцаъ, миллаъ.

  • @user-bl8hi2zc5l
    @user-bl8hi2zc5l Před 6 měsíci +1

    Ма хаз ма нийс дукх и

  • @sabour9067
    @sabour9067 Před 10 měsíci

    Я Аллах1 И х1ун ду аш долинарг кхи х1у дийца ойлае кхета х1у дийца муьлох аг1ор ду Г1илакх доцург ма дийца и х1уманиш Ма даха сийсаз адам шу дика дуй коьртан

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci

      Ахь цу хьехаме юьххьера чекхбаллалц ладоьгӏний?

  • @user-dd5sx8cg3t
    @user-dd5sx8cg3t Před 11 měsíci +1

    Божри бу бохшберш дукх си доцуш, осаллаам бу.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Валлахӏи дукха ма бу и саннарш, цундела эгаш ма ю вайна юкъахь и боьхалла тӏаьххьарчу хенахь алсам, амма вайна юкъахь къемат и боьхалла эгаш яцахьара а ду вайна мегаш доцуш шаьшша дисар

    • @sabour9067
      @sabour9067 Před 10 měsíci

      Г1иллаккхе диллахь хьайга т1аккха жоп лохьа хьай хаттарна вай кьоман Нохчо

  • @user-jt2xt5qc3f
    @user-jt2xt5qc3f Před 11 měsíci +3

    И тайп хум дага мух дог1ур ду дица

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +2

      Вайн динехь иза билгал даьккхина долун дела дохура ду-кх, ткъа вай наха иза ларош доцун дела дохура ду-кх!

  • @Archi99999
    @Archi99999 Před 11 měsíci +1

    Аллахьу Акбар страшная тема

  • @user-ff7id1mw4x
    @user-ff7id1mw4x Před 10 měsíci

    Ахь йуьчш йол боьхалш, цо чу витахь, ца витахь хир ю хьун. Ма бах нах гал. Ца оьш дол х1умш ма дийц.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci

      Харц хӏунда луьш ву хьо? Цо иза чу ца витахь, и шиъ шаьшшиъ дуьсуш ца хилахь, муха хир ю и боьхалш?

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci

      Кхин тӏе иза ца оьшу хӏуманаш муха хета хьуна, иза бусалба динехь хилча? Динехь дерг оьшуш вац хьо?

  • @user-jt2xt5qc3f
    @user-jt2xt5qc3f Před 11 měsíci

    Дала лар войл иштт нахах

  • @user-rf3zt4ne9q
    @user-rf3zt4ne9q Před rokem +5

    Асаламу алайкум вархьматуллахи вабаракатуху.са ваш и ахь бохуш долу хума,соьг тха нанас олур,со жим волчу хенахь,хьай накъост вара али,йа хьай ваш вера али,ц1а и волчу ма валлахь и чохь вацахь,зудчуни майрчуни юкъехь долу гергарло сих духаш гергарло ду хьун и бакъ ма дац,йа бакъ ма ду, баха дезар дац,хьо и йолч чу ца ваьлча. Ас и къамял шайг аьлч,хинца цхьа болу нах реза ца хул.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před rokem +3

      Ваӏалайкумуссалам варахьматуллахӏи вабаракатухӏ. Оьзда волу стаг реза хир ву цу къамелан, ша оьзда воцург я динан генаверг реза хир вац. Дала нисбойла уьш. Амма вай дийца дезаш, даржо дезаш хӏума ду-кх хӏара саннарг, вай бахьана долуш цхьаъ нисвича а доккха хӏума дар-кх хӏара

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před rokem +1

      ​​@@wanhaytrew33ахь ла ца доьхна моьтту суна кху хьехаме, вай нохчийн къоман юкъахь просто дукха хилла и марвешиний несанний юккъехь и боьха къа. Амма масала вайн къомана юкъахь цхьана а нохчичун дага а ца йоит вай и вон ойла, тӀаккха а магийна дац бусалба дино марваший нуссий цхьаьна диса, тӏаккха хӏун до ахь? Дала хӏиттийна дазонаш ма ду уьш, хьо мел цӏена велахь а!

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před rokem +1

      ​@@wanhaytrew33нагахь санна хьан вешин зуда чохь ша елахь арахь ӏан вез дера, хьайна лаахь машен чохь а ӏийр ву-кх хьо, цхьаъ цӏа валлалц

  • @user-gr2gw2ju1c
    @user-gr2gw2ju1c Před 2 měsíci

    Веши зуда йиша санна хила еза,мадийца и х1умнаш,сай марваша сай вешел дукха везна суна.Марнана оьрси а яра са,тхуна юкьехь оьздангала ю.Шичина мара муха кхетар вац?

  • @orchidee4556
    @orchidee4556 Před 11 měsíci +3

    Суна лично сай йо1 хаза йолш товш йолш йола, и цуьнци цун ишта товш волш вол мар ваш виса ца ляакх!!! Х1орана а ше ойла йичи Йиши, Йо1а, ше Зуда., йисита луар дацар аьла хета сун

  • @oyoytamirlan6727
    @oyoytamirlan6727 Před rokem +2

    👍👍👍

  • @elizagorchkhanova3240
    @elizagorchkhanova3240 Před 10 měsíci +1

    Для меня семья мужа очень родные люди. Мне 57 лет,мужа нет в живых уже 2 года. Живем за почти 2 000 км от родных. И что получается,я не должна впустить в свой дом?

  • @user-sb6hu6kq4p
    @user-sb6hu6kq4p Před 11 měsíci +3

    Шу санначарна юккъахь хилла хир ду, боьха мел дерш.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Хьайна ца хуург ма дийца, Аллахӏан низам тӏелаца цулла!

  • @user-dn4gp5kv7j
    @user-dn4gp5kv7j Před 11 měsíci +2

    И ДАРА Х1ИНЦА АША ДОЛОЗА ДИССИНАРГ..ЗУДИЙ СТАГ ТЕШАМЕ ХИЛЧИХЬАНА ПРОБЛЕМА ЯЦ ЦИГЕХЬ.. МАРВАША ЧУ ЦА ВИТАР Г1ИЛЛАКХ ДАЦ..ЧУ ВЕАНА МАРВАША ША Д1АГ1УР ВУ ШЕ ВАША Ц1АХЬ ЦА ХИЛЧА..ДЕРА МЕГАР ДУ ЛУЛАХО А ЧУ ВАИТА, НУЬЦКЪАХ ЦХЬАММО Х1УМА ЦА ЛЕЛАДО..ИШТА МЕТТЕХЬ Х1УМА ДАГА ДОГ1УШ ВОЛУ СТАГ ЗУДА ВООБЩЕ НАХАНА ЮКЪЕХЬ 1ЕН ЦА ДЕЗА..ТЕШАМЕ ХИЛА ВЕЗА, И ДУ ГЛАВНЫЙ..ЖИВОТНЫШ МА ЯЦИЙ ВАЙ ВОВШИЙ ГА МА ГИННЕХЬ ГИ ЛЕЛХА..ВАХАБИСТИЙ ХЬЕХАМ ХЕТА СУГА ИЗА..ТЕШАМ Г1ИЛЛАКХ ХИЛЧИХЬАНА ПРОБЛЕМА ЯЦ..И ШИ ДАЦАХЬ УЬШ ВСЕ РОВНО ГИ ЛЕЛХАР БУ..Г1ИЛЛАКХ ЮКЪЕРА Д1АДОКХУШ ХЬЕХАМ БУ ИЗА..ВЕШИН ЗУДА СЕМЬЯ ЦХЬАНА 1АШ ХИЛЧИ, ПО ЛЮБОМУ МОГУТ ОСТАТЬСЯ НА ЕДИНЕ ДОМА..ВЫ ЧТО ЗДЕСЬ МУТИТЕ??

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Гӏиллакха-м тешний дацар ахь дуьйцург, лулахо а чувита мегар ду бохуш волу. Валлахӏи хьайн зудчуьнца, я йишица хьайн лулахо ша висар хьуна лартӏехь хӏума хетахь, хьан гӏуллакх дукха чамбоцуш ду хьуна. Пайхамара (АллахIера салам а, маршалла а хуьйла цунна) даюс вуьйцуш? Даюс - шен хӏусам-ненца, я гергара зударшца эмгаралла (ревность) йоцург ву хьуна. Хьо мел чӏогӏа тешам болуш велахь а, мел чӏогӏа гӏиллакхе авлияъ велахь а мегаш дац хьуна хьайн вешин зудчуьнца хьой виса, лулахочуьнца висар ца дийцича а. Кхин хӏумма ца хилча а хьайн йиший ойла е-хь, реза хир варий хьо хьайн йишица, я ненаца шайн лулахо ша висча? Валлахӏи цу хӏуман реза хир верг - лартӏахь-м вац! Я иза нохчийн оьзда гӏиллакхца догӏуш хӏума а ма дац!

  • @user-vy2rl2ks1b
    @user-vy2rl2ks1b Před 11 měsíci +2

    Веши зудчунца ша висича ху да дез бохург нохчи вац я хумма яц и .

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Вешин зудчуьнца ша виса а ца везакх нохчо, хӏунда аьлча вайн дино иза магош доцун дела

    • @user-vy2rl2ks1b
      @user-vy2rl2ks1b Před 11 měsíci

      @@paydetoba Дино и магадахь а , вай г1илакхашца дог1уш дац и .

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Делан динал а гӏоле ма дац вайн гӏиллакхаш. Цул сов, иза вешин зудчуьнца ша чохь ца висар вайн гӏиллакхашца а догӏуш хӏума ду, ахь ойла йича. Вай ларо деза вайн гӏиллакхаш а, ӏадаташ а, уьш бусалба динан дуьхьала догӏуш мел доцу.

    • @user-vy2rl2ks1b
      @user-vy2rl2ks1b Před 11 měsíci +2

      @@paydetoba Ахь деш долу къамел суьйли къамелахь тер хета сун . Суьйлаша олу шича яло магийн ду 1ор1ана т1ехь . И магийна а делахь , ахь и цадича хьун цхьа зе дуй алахь соьга . Ше даьхни кхобучо тархг1а хуьца , ка хьуц ше дехнашка мельчат цадайта ше стадо тоялийта кегийр декъаза ца хилийта . Далла и магадахь и ахь цадича , хьай шича цаялош ахь генар кхеч тайпана зуда ялийча хьун цхьа кхераме хум дуй бох ас хьог . Вай г1илкхашца дог1уш хум дац и тем более вешех йисан зудчух ляцна и тема вообше йог1уш яц кхучу . Суна осала хум хета кхучу и тема обсуждать я , и кхучу кхоьсинчу ца кхоьсинех хум дацар . Вешех йисан зудчунна цун доьзаллани дол да дезакха ша суьйли воцуш ц1ена нохчи велахь . Вацахь шен луург лел дойл цо бала бац . Кхи долу хумнаш т1ехь а оцу Дала бохург деш делар вай . Ше къом г1илакхаш 1адаташ дохо г1ерта ца оьшу цхьа а . Хьора къоме ше г1илакх ду . 1арбой ше г1илакх ду . Вай веша вай г1илакх ду Далла вайна делла , и д1алела да вай нах делахь .

    • @lulhovu
      @lulhovu Před 11 měsíci

      @@user-vy2rl2ks1b ойхьазло бохч хIyмнах лардал дукх къахьоьгар хьалх бакхкхичар,ваши йиши тIex долчух лардор

  • @user-sb6hu6kq4p
    @user-sb6hu6kq4p Před 11 měsíci +3

    Шу санначара дохийна, нохчин г1илкх, йахь, эхь, бехк.

    • @user-bx7by9ck2y
      @user-bx7by9ck2y Před 11 měsíci

      Хьо бокъ лоькх

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +2

      Валлахӏи ца дохина-кх тхо санначара-м, тхо санначара хӏун боху хьо хьажахь - хьуна карор дерг, бусалба дин леладе, нохчийн гӏиллакхаш леладе, оцу динан дуьхьала догӏуш доцурш, и ду вай бохург. Амма нохчийн гӏиллакх, яхь-юьхь, эхь-бехк, сий-пусар вайна юкъара дӏадоккхуш бериш муьлш бу вайна массарна гуш-м ду! Амма и хьахор дац, хьо санна волчо муххале, хьо санна волчо харцонца тхо бехке дийр ду цу массо хӏуманна

    • @okean464
      @okean464 Před 11 měsíci

      ​@@paydetobaВас так много развелось и каждый говорит, что истина только та, что проповедует он. Уггар хьалха са Веши бери Нана ю аш юцарг со муха вераву цунца овхьаз. Арбой и 1дат хиллахь, Нахчой ма Ца хилла и тайпа бьюхалла. Я не удивлюсь если через лет так 50 начнут говорить, что говорить на языке Нахчой это харам и надо учить Арабский.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci +1

      ​@@okean464шен веши зудчуьнца эвхьаз валар ӏарбойн ӏадат дац, делахь а муьлхха а къоман юкъахь дужуш хӏума ду иза, цундела Аллахӏа Шен динехь хьарам а дина иза. Ткъа вайн къомана юкъахь валлахӏи ийган хӏуманаш ма ду уьш, иза бакъдан мел хала делахь а! Ткъа нохчийн мотт бийцар хьарам ду эр дац хьуна цхьамма, алахь а, вай эр ду-кх цаьрга: "схьабала бе шайн бух, бусалба динехь цхьа а хӏума хьарам хуьлуш ма дац, цу хӏуман Ислам динехь бух белахь бен! Иштта цхьа а дика ӏамал а дика хуьлуш ма яц, цу хӏуман бусалба динехь бух белахь бен" (наха и ӏамал мел чӏогӏа лелаяхь а, иза дика ю бохуш)!

  • @orchidee4556
    @orchidee4556 Před 11 měsíci +3

    Шайт1а ше болх хьа беш ду. Къастана стаг зуда наедине дисинач меттехь особенно и вайна массарна хууш ду

    • @pierrelezincou8287
      @pierrelezincou8287 Před 11 měsíci

      ​@@wanhaytrew33ВАЛЛАХ1И БИЛЛАХ1И ТАЛЛАХ1И ОЦ НАКЪОСТАХ ДЕГАМ ХАЪАЦ СУН 😈Х1АР БЕХКЕ ДОЙ Д1АМ ДОКХ ВАЦ ЦХЬАЦ ЙОЛ БОРШ ЙОЦЧ ЙОЛ Х1УМНАШ

    • @orchidee4556
      @orchidee4556 Před 11 měsíci

      @@wanhaytrew33 Хил мег слабый а, но со йо1 ю! Дала м бох ша адам слабый кхоьлана

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      ​@@wanhaytrew33 цкъа делахь и вац гӏийла (слабый), цо дуьйцург цӏена бакъдерг ду, шайтӏа бохург хӏун ду цахуург ву гӏийла, шайтӏана керахь дерг, доцург, хӏун ду цахуург ву. Цо ма ца боху масала шегара къа даьллехь цу хӏуманна жоьпалле ша вац, шайтӏа ду. Цигахь бехке верг и къа динарг вуй массарна а хууш хӏума ма ду, хӏунда аьлча Аллахӏа ницкъ ма ца белла шайтӏана, адамега нуьцкъала къа дайта, шайтӏана ницкъ белларг хьан коьрте ойланаш тийсар ду, цу къинна тӏевуьгуш йолу

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      @@user-dz8gf8rl2l Аллахӏа лардойла вай цу тайпа хӏуманах. Амма вайн мел цӏена дог-ойланаш елахь а хьарам дина ду вайна шаьш дисар. Ткъа марвешица а шаьшша диса мегаш ца хилча, лулахочуьнца а, цӏийн-ден доттагӏчуьнца а муххале магаш дац шаьшша диса. Хьан лулахочуьнан а, цӏийн-ден доттагӏчуьнан а вообще гӏуллакх дац хьоьца ша виса, иза-м вайн гӏиллакхашца а догӏуш хӏума ма дац, я оьзда стага лелор долу хӏума а дац. Делахь а, хьуна хаьа деза, хьайна цаьрца цхьаьннец а хьой йиса хьайна Дала магийна доций, Дала цу тӏехь нисдойла вай!

    • @user-dz8gf8rl2l
      @user-dz8gf8rl2l Před 11 měsíci

      @@paydetoba цахааь кхинарш муха бу ца ху лела до, ас бохарг Оьхазло ца Хилла тхуна юкьехь я оьзда доца дош ца аьлла Тхай юкь меттиг муха Хилла еза хийна тхуна. Ахь ху боха ца хааь Суна. Со шай сил дукх езаш Лара леран йинца еза ,ну ц1инда велла ц1ахь ю со бераш дац. вай Вара дас лелош Хилла г1илакх лелина ас. Цу юкьехь дукха хумма ду.

  • @user-mw1em2vu2u
    @user-mw1em2vu2u Před 10 měsíci

    Тхойшиъ шиъ ваш ву цхьан кертахь 1аш ву, ч1ог1 барт болш ву тхьойшиъ, болхбеш доькхшдол ахча хьаду я саду аьлла дац тхойшин, ч1ог1 тешме ву тхойшиъ г1овше, са веши зуд ч1ог1 дукха ез сай йиш санна, амма оха хоттина границ ю зудри болчехь цхьана цавусш, Аллах1 аьллий мел ч1ог1 цадезахь ларда дез, или ларцалахь признать да дез, из цхьа нохьчи г1иллакх дац я 1адат дац зуди марваш цхьани мух 1ир ду хабарш дуьцш, вежри если Аллах1 так говорит то признайся это если вы не признаете это зная что это так то вы не верующий Аллах1а

  • @ZaraNevajno
    @ZaraNevajno Před 11 měsíci +3

    Аш хьа дийцарехь- и Вай Дай поголовно 1овдалш хилла!-- а шу, хьекъал сов дялла, и Халкъан довзийта ара дойла т1акх! 🤔Ватта..😁Тенга яхна и Марзони Зама!-Вай Дайш, вовши чохь, цхьани шуьнехь йовх, Сискалш иъна- Тешаме Къонахой Зама?!... Вай ма хер довла дохку☝️

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Вайн дайш ӏовдалш ца хилла, уьш къонахий хилла, церан мах лахар хадош дац вай, амма шайна цахуург, цахезнарг цара леладойла яцар. Мел чӏогӏа со тешаме велахь а, мел чӏогӏа сан ойла цӏена елахь а, Дала хьарам динарг кхачо йолуш дац?!

    • @user-qv7yc3uv7t
      @user-qv7yc3uv7t Před 11 měsíci

      ​@@paydetobaУстаз ша цавахана ша авлийаъ волшехьа, ше веши ч1оьчу Мавсари х1усам нана йолчу.
      Веши зуда йац аша ваххабисташ йуьцург, аша Нохчи Бусалбанш бац боху, и нисде шай, Бусалба вац алар х1у ду хаьий хьуна!!!? И Бусаба волшшехьа, зинам шен ненци до, дечо, ваххабисташ аша дукх ч1ог1а 1ибадат до, веши зудчунца цхьана цадуьсу шу, аша лаьттах 1уьрг даккхахь корта бетташ суджудаьхь, шулла боьху кхоллар дац аьлла Элчано Дела кхолларшна йуккъахь,Дела Салот а Салам хилла цуьнна!!!

  • @user-iq9vp5ih6u
    @user-iq9vp5ih6u Před 11 měsíci +1

    Ассаламу аллайкум. Шу шинге вопрос дар са. Г1илкх мичар даьл ду ?

    • @user-dg9su7ur3c
      @user-dg9su7ur3c Před 10 měsíci +1

      Г1илакх Елсамане чуьра схьа даьлла, олура тха де нанас

  • @masalmassla
    @masalmassla Před 11 měsíci

    Ассаламу 1алайкум, ишт дица дуьцш тха Городер старико майр вел 2 бутт боцуш цу т1е къайлах шиити мах бин машенчохь встречаться динакх нех зучунц аш дуьцарг дуьцчо..

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Ваӏалайкумуссаламу варахьматуллахӏи вабаракатухӏ. Валлахӏи хьаъа хӏуа динехь а, цадинехь, бусалба динехь дерг ду-кх кху видео тӏехь дуьйцург, ткъа вай бусалбанаш делахь Делан дазонашна реза хила деза!

    • @masalmassla
      @masalmassla Před 11 měsíci

      @@paydetoba Аллах1а дозанашна вай резаду Ин ша Аллах1

  • @tausnachaeva6353
    @tausnachaeva6353 Před 11 měsíci +1

    Ше дагахь дерг ду моьтту массарна дала ша реза волчу некьахь нисдойла вай

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Субхьаналлахӏ, аша-м яза до цхьа хӏума, цу хьехаме ладоьгӏча, язадан йиш йоцуш долу

    • @MultiArtem47
      @MultiArtem47 Před 11 měsíci

      ма нийса элара ахь иза...

  • @user-go2yq3bq6d
    @user-go2yq3bq6d Před rokem +6

    Валлах1и мегар дар вай нохчи делхьарам.г1иллакх 1аддаъ дитан дин лело г1ертш болчар галдаьккхан шадериг.

    • @user-go2yq3bq6d
      @user-go2yq3bq6d Před rokem

      @@wanhaytrew33 зама хийцелла адмаш хийцделла тешам д1абаьлла.ларвелч дик ду. Нис бох.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před rokem +3

      Гӏиллакх ма леладе ца боху хьоьга, амма бусалба динан дуьхьала догІуш долу ӏадат ма леладе боху, и гӏиллакх дац. И санна долу ӏадат леладича вайн къоман юкъахь ийгин хӏуманаш дийца а эхь хетар долу хӏуманаш ду, хьехам тӏехь Ӏадлана ма-аллара. Бусалба дино ца мега боху иза, ткъа ахь мега боху, ткъа Дала, я Пайхамара (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) бохучунна бӏоста хӏума алар бусалба динах аравоккху болх бу, ойла е цу хӏуманна

    • @Master.12.07
      @Master.12.07 Před rokem

      ​@@paydetoba Веши зуд йолч не1аргаъ чуъ вах везш меттигаш хир ю. Динна доьхьал дац масала вош велла йа ц1ахь вац балха вахан ген, йа больницехь ву. Т1аккха нус а, веши доьзал болч кертахь да дезш г1улкх хуьл чохь краник юх, газ д1а оьхш хуьл, масане хуьл.? Далла гергахь веши доьзале хьажа декхар ву воша. Чуъ г1ой цу чохь телевизоре хьоьжш диван т1ехь 1илла ца везим хуъш ду.
      Динна доьхьал дац ишта х1ума.

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci +1

      Вай ц1а бусалб хил дез уггар хьалх, юг1 хир ду вай нохчи.

    • @Master.12.07
      @Master.12.07 Před 10 měsíci

      @@user-uv3vi1ww6f иггур ч1ог1ох буслб букх нохчи.

  • @user-zy4js8lq3m
    @user-zy4js8lq3m Před 10 měsíci

    Я с 18 лет замужем , сейчас мне 59 -ый год
    Моя вся жизнь прошла с родителями супруга , его братьями и родственниками
    Они для меня так же братья , как мои родные братья и так же они меня считают родной.
    Наши достойные красивые обычаи , наши достойные красивые гъилкш всегда соблюдались нашим поколением, почему то некоторые представители нынешнего поколения находит грязь .
    Аллах лар дойль вай вочь хьумнахь!

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci

      Г1илкхш мял хвз делвхь Аллах1о бохаг дичхьан вай дойлакх

    • @user-zy4js8lq3m
      @user-zy4js8lq3m Před 10 měsíci

      @@user-uv3vi1ww6f наши гьилкш не противоречят тому , что предписал АЛЛАХ

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci +2

      @@user-zy4js8lq3m нельзя оставаться на едине мар ваши веши зуд говорит религия а ты говоришь вай хаз г1илкхш, и что они не противоречат

    • @user-zy4js8lq3m
      @user-zy4js8lq3m Před 10 měsíci

      @@user-uv3vi1ww6f , разве в наших огромных семьях наедине остаются ?

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci

      @@user-zy4js8lq3m да

  • @user-jt2xt5qc3f
    @user-jt2xt5qc3f Před 11 měsíci +1

    Ахьа дуьцуг суна гин хум дац

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Хьуна хьайн шина бӏаьрга ца гархаа, и хӏуманаш лелаш дац бохург ма дац и сан ваша, и хӏуманаш долуш ду, амма ӏадлана ма-аллара массо нахана девзаш хир дац иза, амма иштта дешан стаге хеттарш ло, и хӏума доьжнера тхан доьзалехь, хӏинца вешина хӏун дан деза, зудчунна хӏун дан деза бохуш, дукха эрчаллаш ю вайна юкъахь лелаш ваша. Ткъа и эрчаллаш вайна юкъахь лелаш яцахьара а, ма динера вайна иза бусалба дино хьарам, вешин зудчуьнца ша висар, я шичица ша висар, я доттахчуьнан зудчуьнца ша висар

    • @user-dn4gp5kv7j
      @user-dn4gp5kv7j Před 11 měsíci

      ​@@paydetoba ХЬО ЛОРТ1ЕХЬ ВУЙ?? Г1ИЛЛАКХ ДОЦУШ ЙОЛУ Х1УМА ЦХЬА ВИССИЧИ А ЦА ВИССИЧИ А Ю ОПАСНЫЙ..Г1ИЛЛАКХ 1АМАДЕ ЦУЛЛЕ АША, ШУ Г1ИЛЛАКХАШ НОВШЕСТВО Ю БОХУШ ЮКЪЕРА Д1АДОХУШ ДУ..ВАХАБИСЫ ВЫ, ЧТО ЗА ТЕМА У ВАС ЗДЕСЬ??

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      @@user-dn4gp5kv7j Хьо мел чӏогӏа гӏиллакхе велахь а, хьо мел чӏогӏа веза авлияъ велахь а хьарам дина хьуна Аллахӏа хьайн вешин зудчуьнца хьой виса. Ткъа гӏиллакх бидӏат ду бохуш юкъар дӏадогӏуш тхо дац хьуна, оха мелхо гӏиллакх лардан деза боху, шен къома гӏиллакх а, ӏадат а ларо деза, иза шарӏан дуьхьала догІуш мел доцу. Ткъа вахабист мила ву дуьйцур дарий ахь?

  • @DG-zl1tr
    @DG-zl1tr Před 11 měsíci +1

    Нохчи, 1ам дэйш и шэй динн СубхьанАллах1, шу 1адатш т1яхь доассин ма дацц Аллах1о х1ар динн! "Противно слушать" бохш, цунах тер кхи дол къамелш до аш. Шу мух дяхь Аллах1ан диняхь дерг д1а тят, шун хаъ дик, йа шу кхоьллинчун хаъ СубхьанАллах1?! Моьттар дацц шун хуьльш дерш, лелш дерш гуш дацц нахан йукъяхь, и шай курал вахь йилл хьар ц1а нохчш..Х1окх хьадисе хьовс, х1ар саннарш дукхаъ ду шун! От Укба ибн Амира (радиаллаху анху) передается, что Посланник Аллаха (салляллаху алейхи уа саллям) сказал: «Остерегайтесь заходить к [чужим] женщинам». И один из ансаров спросил: «А брат мужа?» Он сказал: «Брат мужа - это смерть» (аль-Бухари и Муслим)! Даже брата с сестрой нужно раздельно укладывать с 10 лет! И раб не вправе вообще рассуждать что в религии правильно, а что нет, тот кто счёл запретным дозволенное Всевышним или дозволил запрещённое Всевышним - вышел из религии! Отрицающий хотя бы мискал ззаратал что-то из религии не является мусульманином! Учите религию и оставьте высокомерие вайнахское, отрицающий истину - является горделивым и не войдёт в Рай сказал пророк тот, у кого гордыня с весом в пылинку!

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Вешех лаьцна хьадис далийр-кх Ӏадлана а, иза валар ду аьлла, иза несах хьакхалуш дерг дара. Амма вай кху юкъахь 10 шо кхаьчна йиший веший маьнга къасто безаш хилар дийцахь, хӏара нах нийса ца кхета тарло, вай билгал ца даккхахь, йишиний вешиний шаьшша диса мегаш хилар, цу шинна ца мегаш дерг - итт шо кхаьчна чул тӏаьхьа цхьана маьнгин тӏехь дижар

  • @user-ov8rk7wx7h
    @user-ov8rk7wx7h Před 10 měsíci

    Куда мы катимся,все что было красивое в нашем минталитете,в обычаях,традициях все летит в пух и прах.
    От того что когда то мы молодые лишний раз давали стакан чаю,или погладилине женатому марвашу брюки или рубашку наши руки не отвалились,а только остались хорошие воспаминание о нашей доброй молодости,и осталось уважение к друг к другу.
    Девушка выходя замуж обритает новых родствеников,которые в последствии станут для нее ,для ее детей , опорой в жизни.
    Это очередной не лучший пример для молодых снох,которые и так себя не утруждают не чем,и не вчем себе не отказывают.
    Когда девушка выходит замуж ,она знает что у этого человека есть семья ,родители ,братья и сестры...
    Сейчас молодые снохи знают только свои права, а свои обязаностех у них нет.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci

      Сан йиша, кху видеог чакхъяллалц ла ца доьгӏна ахь?

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci

      То что говорит Аллах лучше и мудрее любфх обычаев.

  • @user-ic4ud1tz5p
    @user-ic4ud1tz5p Před 10 měsíci

    Вижу в комментариях много лицемеров, динехь ду иштта бохушехь пал бу бохуш. Бехказло хира юй те иштта кхетош дика дийцчи дуьхьал и хумаш дуьйцуш хилча. Лицемерш хила деза, я д1адуьйцуш ца кхеташ хила деза

  • @user-vx7xn7gb6y
    @user-vx7xn7gb6y Před 10 měsíci

    Мне кажется, что это с нашей ментальностью не катирует.это очень грязные вещи их не нужно озвучивать из-за того что среди тысячи был случай и ставит это под запрет.А куда девается "марзо". Есть случаи когда марваша нус квартире ихн, Беха хумншн вариант карор ю. Оставаться одной ни скаким мужчиной нельзя женщине

    • @user-uv3vi1ww6f
      @user-uv3vi1ww6f Před 10 měsíci

      Каким бы нк бфл минталитет то что говорит Аллах превыше всего

  • @user-xb6nd4ub8g
    @user-xb6nd4ub8g Před rokem +1

    Хаттар ваш велла веши доьзал бу кеги цера само яр мух ду цу керт вахар церг хьажар муьлахчу х1умне церн оьшчун хьаж вези и нус йолч чу вах везш хьал ма хуьл свет я газ хи цхьаъ гал йола хьо воцаг хьаж стаг вац циг берш щколи я садике хуьл оцун ху дадеза

    • @Master.12.07
      @Master.12.07 Před rokem

      Хьай веши доьзал болч хьо ца вахан, ахь цер дол ца дич кхи мил хир ву цер дол да? Х1окх мол ву бохчо дуьйцург цхьан аг1о нийс ду. Но ше меттиг бахьан ду моссу х1уман.

    • @lulhovu
      @lulhovu Před 11 měsíci

      Хьайцан милла кхиъ цхьа адам хил дез, лулхо хиллаъ

    • @lulhovu
      @lulhovu Před 11 měsíci

      Уггар коьртнаг шаьшшиъ ца хилар ду, цхьанниъ цханнаъ ал хIyм цахилит

  • @user-sf5uh7ei5g
    @user-sf5uh7ei5g Před 5 měsíci

    А то что арабы женятся на родственницах ничего😅

  • @NKA-REAL
    @NKA-REAL Před 11 měsíci

    1адлани Тема критический не мыслемый вообще не придсказуемый йу. ишт нах хир бу Дунен чохь. ма Хечи Айлш йукх Дуне Дуьзан

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Марваший нуссий шайна юкъахь и къа лелийнарш бохий ахь ваша?

    • @NKA-REAL
      @NKA-REAL Před 11 měsíci

      @@paydetoba Ваша Дотаг1 лулахо разниц яц. Неха Зуд Корт боцуш Неха йу. Дешевый Бидуин Армян Сюлис Лелош хьумш Ду. Царгахь товш ду. Ваш Бусулс ваш Разниц Яцун..

  • @user-ff7id1mw4x
    @user-ff7id1mw4x Před 10 měsíci

    Не нужная тема.

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 10 měsíci

      Муха ца оьшуш тема ю? Бусалба динехь ма ю и тема, бусалба дино дихкан ма ду вешин зудчуьнца ша висар! Цу хьехаме юьххьера чекхбаллалц ла ца доьгӏна ахь?

  • @user-qi2xc6ft9z
    @user-qi2xc6ft9z Před 10 měsíci

    Войш хила хьун цун Ше мар ваш 😂

  • @user-hf2lm2bm6f
    @user-hf2lm2bm6f Před rokem +4

    Пал ма йица ваша нохчи шай г1илакх ду шай 1адат ду

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před rokem +5

      Пал юьйцарг хьо ву. Ткъа ша къонах верг бусалба дино хӏиттийна дазонашна реза воцуш хир вац

    • @Master.12.07
      @Master.12.07 Před rokem

      ​@@paydetoba Допустим хьа воша велла, хьа веши бершцана 1аш хьа нус ю. Т1акха хьа несана цхьа г1улкх да дизи масала чохь краник йоьхна хи ду д1а оьхш, хьа несо ваа Дик к1ант краник йоьхна хи д1а оьхш ду и хийц вог1ур вари хьо аьлч х1у дийр дар ахь?

    • @user-tx7cw4ts8z
      @user-tx7cw4ts8z Před 11 měsíci

      ​@@paydetobaАхь дуьйцуш долу дозанаш нахе д|акхайкхаде бохуш х|умнаш ма дац

    • @lulhovu
      @lulhovu Před 11 měsíci

      Нохчи Iaдат ду шен ал хIyм цадалитар, милла хилча, гергарнаш кхиъ чIox ларло вовшех товш доц хIyмнех, эхь долч хIyмнех

    • @Master.12.07
      @Master.12.07 Před 11 měsíci

      @@lulhovu Масала со сай вешех йиссин йол са веши бершцан нус йолч ня1арг вахан царн г1улкх дарх, цхьаммоъ х1уммаъ эр дац. Лулахь кулахь нахан хуъш хир ду со цун мар вош вуй а, цу бери деваш вуй а. Со ца вахча ца вола, со бе цер 1унал да цхьаъ вац. Асам масала бох. Сам йиссин 1аш нус яц. Хьалх нахан дагаъ ца дог1ун дол х1умш дуьйцш х1инц нех юкъ меттигш хир йох. Мегар дац и Дел рез воц боьх 1ес ойлниш хилит

  • @MultiArtem47
    @MultiArtem47 Před 11 měsíci +1

    по комментариям видно..что народ с этим не согласен и я в том числе..Автор...скажу тебе честно..даже слушать противно на эту тему...пожалуйста..моя просьба к тебе..удали...

    • @wanhaytrew33
      @wanhaytrew33 Před 11 měsíci

      Ше кирахь жима нохчал елахь удалить ем ез цо хар

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      Субхьа‌наллахI, кхин эхь ца хеташ муха язйир ахь хӏара комментари? Цо шегара дуьйцуш ма дац хӏара хӏума, Ислам-динан реза вац хьо? Кхетам боцу, хьекъал доцу наха цхьа комментареш язйора аьлла

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      ​@@wanhaytrew33вайгахь нохчалла ю хьуна иншаАллахӏ, амма суна ца евзу иштта нохчалла, бакъо тӏе ца лоцуш йолу. Суна евзаш йолу нохчалла бакъо тӏелоцуш йолу нохчалла ю хьуна, Делан динехь йолу бакъо муххале а!

    • @MultiArtem47
      @MultiArtem47 Před 11 měsíci

      @@paydetoba Эхь дера ца хета хьуна.Ахь х1ара тема затронуть ялла вовше тешам боцуш дац вай к1ам...я нахаца лелаш дац Нохчи к1ам..Не по адресу ю хьан ролик...Х1ора Нохчочун сица ду...ша лело дезарг...ца лело дезарг....Хьо цхаъ бусалба волуш...кхи бериш боцуш санна ма дуьцу ахь...хьо дукха вахарг...Ислам динан со реза ву..но ахь х1ара ролик Нохчашна яккхарна со реза вац...Хьо Нохчий к1ам вообще дойзуш вуй?

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +2

      ​@@MultiArtem47оцу тӏехь хьехам беш верг со вац, оццул ирс дац сан.
      Валлахӏи нохчийн къам девза ма девза суна, нохчийн къомана юкъахь долу хьал ма хаьа суна. Вовше тешам боцуш дац боху ахь вайн къам, валлахӏи биллахӏи ду-кх, тахана муххале а-м!
      Хьо хенан воккха хила мега, таханлера вайн къомана юкъахь долу хьал ца девзаш, тахана вайн юкъахь яьржина боьхалла а, эрчалла а ца евзаш, я хьайна евзашшехь, дуьйцуш хила а мега ахь и, къам идеализировать деш, амма иза нийса дац ваша, долуш долу хьоле хьовса деза вай, и хьал хийцархьама. Вайн къам чӏогӏа хийцаделла хьуна.
      Вайн къам нахаца лелаш дац боху ахь, иза-м цӏенна пуьчаш ма бу, хьуна хьайна а хууш болу. Валлахӏи ду-кх вайн къам нахаца лелаш ма ду, ка ялчахь лачкъош ма ду. Зударий шаьш Дагестане хӏордан тӏе лоьлуьйтуш ма бу, ткъа цигахь церан божарий хуьлуш буй а ма хаьа вайшинна. Тӏелетта хӏуманаш лелош ма бу вайн къомаха зударий. Къаьсттина интернет чохь кегий йоӏарий ма бу кхечу къомаха кӏентаршца къамелаш деш, цаьрца забарш еш, цул сов цаьрца эвхьаз а буьйлуш. Машенаш тӏехь арабуьйлуьтуш ма бу вайн зударий.
      Тӏаккха цу массарел сов, кхин цхьа ирча хӏума а даьлла вайн кегийрхошна юкъахь лелаш, иза корейски эшарш локхуш йолу тобанашха тарбалар ду, ткъа и тобанаш еккъа эшарш лакхарца йоьрзуш яц, и тобанаш Далла луьш ю, царна тӏехь бозурш Делах тешаш бац, гӏиллакх, ӏадат боху хӏума къобал деш бац, кхин а дукха хӏума ду царех лаьцна, амма со уьш хӏицца дийцин вера вац, просто ладогӏахь Ахьмада царех лаьцна яьккхина видеога, хьуна хуур ду хьуна вайн кегий нах хӏун лелош бу а, уьш хьанах тарбала гӏерташ бу а. Цу корейски тобанашши фанататийн шайн билгалонаш а ю хьуна, цу видео тlехь Ахьмада дегий-ненигий деш къамел а ду хьуна, цу билгалонашха лаьцна а. Шен чохь кхуьуш бераш, я берийн бераш дерг декхарийлахь ву цу видеога хьажа, шен хеннахь и жима-стаг, я жима йоӏ сацорхьама, кхана ӏуьйрана цӏера и дӏа ца ядийта, корейце маре яхархьама, ткъа и къамелаш ишколехь доьшуш болу йоӏаршна юкъахь лелаш ду хьуна, Дела вазаллор вац со харц дерг дуьйцуш хьоьга. Иштта динах уьш бохарна тӏедуьгуш некъ а ма бу иза, хӏунда аьлча, масалш дукха ду, церан фанаташкара Делах цатешаш болу.
      И видео вай кху канал тӏехь ю хьуна, иштта ИСЛАМАН ТАРИХ боху канал тӏехь а ю хьуна, цу видеон цӏе: "BTS/K-POP тобанаш"

  • @mishaafgan3177
    @mishaafgan3177 Před 11 měsíci +6

    ... ШУ ЖОЬПА ДАЙ А ДАЦ, ЙА ДИНА ДАЙ А ДАЦ.!
    ... ШУНА НОХЧИЙН 1АДАТАШ А ЦА ДОЙЗА, ЙА НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХАШ А ЦА ДОЙЗА.!
    ... АША Д1А БУОЛИНАРГ ХАЛКЪАНА ЗУЛАМЕ БОЛХ БУ.!
    ... В ЧЕЧНЕ И ТАК ИДЁТ БРОЖЕНИЕ УМОВ, ПАДЕНИЕ НРАВСТВЕННОСТИ, ПОТЕРЯ УВАЖЕНИЯ МОЛОДЫХ К СТАРШИМ, А ТУТ ВЫ ЕШЕ НАЧАЛИ ПРОВАКАЦИОННУЮ ПЕРЕДАЧУ.!
    ... ЧТОБЫ ПОДНИМАТЬ ТАКИЕ ВОПРОСЫ, У ВАС НЕТУ ЖИЗНЕННОГО БАГАЖА, И 200% ЗНАНИЕ ЧЕЧЕНСКОГО МЕНТАЛИТЕТА И СВОДА НЕПИСАННЫХ ЗАКОНОВ "НОХЧАЛЛА".!
    ... НЕ ЗАНИМАЙТЕСЬ ЕРУНДОЙ.!

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +2

      Вай бусалба ду, вай Делах тешаш нах ду, Дала хьарам динарг лело дезаш дац боху вай, оццул кхета хала хӏума ма дац хӏара. Вай нохчий а ду, вай нохчалла лело езаш а ду, амма динан дуьхьала догӏуш долу ӏадатан ши капаьк мах бац, хьаъъа хӏуа дийцахь а!

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 11 měsíci +2

      @@paydetoba ... АХЬ ХЬА ДИЦАРЕХЬ, Б1Е ШЕРАШКАХЬ НОХЧИЙН К1АМ ВУОЧУХ ЛАРДЕШ, ЦУЬНА ОЬЗДАНГАЛЛА , КЪУОНАХЧАЛЛА, Г1ИЛЛАКХ, МАЙРАЛЛА, КЪИНХЕТАМ, СОБАР ....КХИАНЧУ ЙО1А ШЕН ДЕГ1 МА ЛАРДАРРА , ВАЙН ХАЛКЪА ЮКЪА--МЕТТИГ ЛАРЪЙИНА А, МЕТТАХЬ ЛАТТИЙНА А, КХИИЙНА 1АДАТАШ НИЙСА ЦА ХИЛЛА-КХА.!?
      ... ВАЙ ШАЙХАШ, АВЛИЯАШ, УСТАЗАШ..,.НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКАХАШ А, 1АДАТАШ А, ДИНЦА ДОГ1УШ ДУ БАЬХНАРГ А ХАРЦ ХИЛЛА-КХА.!?
      ... ХЬО НОХЧИЙН 1АДАТАШ
      НИСДА АРА ВАЬЛЛА ВУ.?
      ... УЬШ НИСДА ДЕЗАШ ХИЛЛЕХЬ, ХЬО ДУЬНЕННА Т1Е А ВАЛАЛЕ НИСДА НАХ КАРОРА БАРА.!
      .... ВАХХАПЁРЫ И ЛЖЕ--САЛАФИТЫ, ТОЖЕ НАЧИНАЛИ ТАКИМ ЖЕ МАКАРОМ.!
      _* БЕДА КОЛЬ ПИРОГИ НАЧНЁТ ПЕЧИ САПОЖНИК, А САПОГИ ТАЧАТЬ ПИРОЖНИК.! *_
      ... ТВОЙ ПОСЫЛ СЛИШКОМ ЗАВУАЛИРОВАН И НЕ УБЕДИТЕЛЕН, А ЭТО ВЫЗЫВАЕТ ВОСТОРГ ЛИШЬ У ТЕХ У КОГО НЕ ХВАТАЕТ ОДНОЙ ХРОМОСОМЫ.!
      ... ТАМ ПОДОПЛЁКА ДРУГАЯ.!
      ... ВСЁ.!
      .. ТЕМА ИСЧЕРПАНА.!

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +2

      @@mishaafgan3177 ахь мел чӏогӏа дахдина а, я говза дийцахь а, валлахӏи вайн динехь мегаш-м дац шен вешин зуда и елахь а, цуьнца цхьаьна чохь виса. И хӏума мегаш ца хиллехь со дуьненчу а валале хилла болу вайн наха иза нисдина хир дара боху ахь, амма вайна тахна а гуш ду иза иштта хирг цахилар, муха гуш ду аьлча, схьалоцу вай ламаз, вайн юкъахь тахна а дукхах болу нах шайн дайш ма-дарра ламаз дан деза шаьш моьттуш бу, ахь Пайхмара (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) ма-дарра дан ма деза вай ламаз аьлча а. Ткъа хьалха, совет-ӏедал долуш-м берриш аьлча санна хилла хьуна шайн дайш ма-дарра дан деза моьттуш ламаз, тахана мелла а ӏилман тӏе а кхиъна, кхетта нах белахь а. Иштта и ламаз санна ца нисдина-кх юкъа хьалха вайн дайш кхин дерг а, шайна цахуун дела. Ткъа тахана вайна жим-жима гӏоле девзуш ду вайн дин, Ӏарбийн мехкашка эхар, цигахь дешар совдаьлча, иза Делан къинхетам бу вайн къомана

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci +1

      @@mishaafgan3177 къонахчалла, нохчалла бохуш дуьйцу ахь, вай иза къобал ца деш санна, амма цу къонахчаллин а, нохчаллин а нисса дуьхьала догӏуш хӏума ду шен цӏе интернет чохь делахь а "Миша" язъяр

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 11 měsíci

      @@paydetoba ... ХЬО САННА
      ВОЛЧУННА "МИША" А, ЙА МАХЬМУД А БЕН Д1А А ВАЦ.!
      ... АККАУНТ СУНА ЙА ЦА ХУУШ САН НЕСО ЯЗЪЙИНА И Ц1Е.!
      ... ХЬО Ц1ЕРАХ ТИСАВАЛА ЦА ОЬША ХЬАЙ ЙИЦА БАКЪО ЦА ХИЛЧА .!
      ... ЙАККХИ Ц1ЕРАШ А ОЙЛУШ, ШИНА ШАЙНА МАХ А БОЦУШ ДУКХА ХЕЧИ АЙЛЕШ ХАА СУНА.!
      ... НЕ ХОЧЕТСЯ ДУМАТЬ О ТЕБЕ ПЛОХО, НО...
      НЕ ПЕРЕХОДИ НА ЛИЧНОСТИ.!
      ... ЕСЛИ У ТЕБЯ ЕСТЬ КАКИЕ-ТО ПРОБЛЕМЫ В ОТНОШЕНИИ МЕНЯ И ТЫ В ЧЕЧНЕ, МЫ МОЖЕМ ЭТОТ ВОПРОС РЕШИТЬ.!
      ... НО... НЕ ПЕРЕСЕКАЙ ЧЕРТУ ДОЗВОЛЕННОГО ТЕМ БОЛЕЕ, ИЗ ТВОЕГО "ИЗЛОЖЕНИЕ" ВИДНО, ЧТО ТЫ ДОВОЛЬНО МОЛОД И НЕ МОЕГО УРОВНЯ.!

  • @alvimagomadov8221
    @alvimagomadov8221 Před 11 měsíci +2

    Сун борш ца хет эш дюцарг, мар ваш чу Мух цавоит??

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      Муха боьрш ца хета? Аллахӏан низам ларде бохучун олуш ду ахь и?

    • @alvimagomadov8221
      @alvimagomadov8221 Před 11 měsíci +1

      @@paydetoba Ше зудчух,вежарех цатешча лелош хумнаш ду у1ш,гьилк1 дацахь хьо бусалб вац

    • @paydetoba
      @paydetoba  Před 11 měsíci

      ​@@alvimagomadov8221дац ваша, шен зудчух, я вежарех цатешча лелош хӏума дац хӏара, бусалба дино иза иштта хиллехь - иштта билгал даьккхина хир дара. Цундела ваьшгара вайн хеташ дийца бакъо яц вай, динехь дерг тӏелаца деза, иза вайна мел къехь хетахь а, Дала ял а лур ю вайна, Шен динехь дериг тӏелацарна, иза Аллахӏан дуьхьа лелорна

    • @mishaafgan3177
      @mishaafgan3177 Před 10 měsíci

      @@paydetoba ... ШУ, ХЬА ХЕТАРЕХЬ, НЕХАЙ ХЕЧИ АЙЛА ЦА ЙИЦАЧА КХИН ДИЙЦА Х1УМА ДОЦУШ ДУ МОЬТТА СУНА.!?
      ... У ВАС ЧТО..... ФИЗИОЛОГИЧЕСКИЕ ПРОБЛЕМЫ В ОТНОШЕНИИ СНОХ КАК У ИНГУШЕЙ.!?
      ... В ОТЛИЧИИ ОТ ВАС...._НОХЧИЙ ШАЙН ДЕГ1А--ЛААМАННА А, ШАЙН ХЕЧИЙНА А, ШАЙН СИНА А, ДОЛА ДА НАХ А БОЛУШ ЧЕКХ БОЙЛЛА ШУ САН ЙОЛУ Т1АЬХЬЕ ГУЧА ЯЛЛАЛЦ.!_
      ... ТЫ ГОВОРИШЬ НЕ НАЗЫВАТЬ ВАС ВАХХАПЁРАМИ МОЛ, ЭТО СТАРО.!
      ... ХОРОШО.!
      ... ВЫ, ЛЖЕ--САЛАФНЯ, ПЕРЕКРАСИВШИЕСЯ АДЕПТЫ И СТОРОННИКИ ЛЖЕ-ИДЕОЛОГИИ МУХЬАММАДА АЛЬ ВАХХАБА ЗНАЯ, ЧТО НАРОД ВАС НЕНАВИДИТ.!
      ... ВАС ВЫТУРИШЬ В ДВЕРЬ, ВЫ ЛЕЗЕТЕ В ОКНО.!
      ... В ИСЛАМЕ ЧТО... БОЛЬШЕ ПРОБЛЕМ НЕТ, КРОМЕ ЭТОГО.!?
      ... ДЛЯ ЧИСТЫХ ЧЕЧЕНЦЕВ ЭТА НЕ ПРОБЛЕМА, ЭТА ПРОБЛЕМА ДЛЯ ЗАСЛАННЫХ "КАЗАЧКОВ" И ПРИБЛУДНЫХ ЧЕЧЕНОГОВОРЯЩИХ , У КОТОРЫХ ВИДИМО "РЕГУЛЯТОР" РЕЛИГИИ И СОВЕСТИ В ШТАНАХ.!
      ... ВЫ ПРИКРЫВАЕТЕСЬ РЕЛИГИЕЙ, КАК ПЕРВОБЫТНЫЙ ЧЕЛОВЕК ПРИКРЫВАЛ СВОЮ ЗАДНИЦУ РВАНОЙ БАРАНЬЕЙ ШКУРОЙ.!
      ... ТОЛЬКО ИБЛИС МОЖЕТ ВЛОЖИТЬ В ГОЛОВУ ТАКУЮ ТЕМУ. (не нужно кивать на религию, она тут не причем)...
      ... ТОЛЬКО У ПОТОМКА РАБА ИЛИ НЕЗАКОНОРОЖДЕННОГО УБЛЮДКА МОЖЕТ ПОЯВИТЬСЯ ТАКОЙ СОБЛАЗН.!
      (Шен несе дог хаийта)
      ... ЕСЛИ ТЫ В ЧЕЧНЕ И ТЕБЯ ТАК ЗАБОТИТ ЧИСТОТА ИСЛАМА И МЕНТАЛИТЕТ НАРОДА, ПРИГЛАШАЮ НА ПЯТНИЧНУЮ МОЛИТВУ С ПРОПОВЕДЬЮ В НАШУ МЕЧЕТЬ В МИКРОРАЙОНЕ С ЭТОЙ ТЕМОЙ.
      ... Я ДОГОВОРЮСЬ, У МЕНЯ ЕСТЬ ТАКИЕ ПОЛНОМОЧИЯ.!
      ... И ПОТОМ ПОСМОТРИШЬ КАК ЧЕЧЕНЦЫ ТЕБЯ "ОТБЛАГОДАРЯТ ".!
      ... ХЬАЙНА НАХА НАЬ1АЛТ ОЛА , ОЬЗДА ДОЦУ Х1УМА ДУ АХЬА ДИЙЦАРЕ ДИЛЛИНАРГ.!?
      ... НИЧЕГО ЛИЧНОГО.!

    • @Fatma-xh6ox
      @Fatma-xh6ox Před 6 měsíci

      Сун лично ца оьшкх Сай таг чохь ца хилч Ле мар ваш Ле нех таг чу вохш