ХЬАН ЙЕЛАР... (МИНЦАЕВ IАЛЬВИ)

Sdílet
Vložit
  • čas přidán 5. 09. 2024
  • Хьан йелар...
    Хи тlехула баьлла болчу чlерах
    тера йу, ахь мел йен беса ойла.
    Схьа ца къаьсташ лаьттахь лелачарах
    тера ду хьан дахар, йеха эвла.
    Ахь диннарг бен хаа хlума доцуш,
    аз доцу мотт хууш, lиндагl ду хьан.
    Ахь сецабарх каде дакъа лоцуш
    IиндагI къехкаш, аз долуш мотт бу хьан.
    Йа дустаршца, кхечарах схьакъестон
    бlаьргаш бац хьан, ши дуьне ду баххал.
    Йа масална йалош, наггахь хестон
    цlе а йац хьан, наха кlеззиг йаххал.
    И шен серло дийна йита лéла
    чlурам санна, lийдалуш серлонах
    кхечарах хьо къастон бахьна лиэларг :
    тера хилар хьан дог кlайчу луонах.
    Сайн бlаьргашца нехан йаххьаш лоцуш,
    хьох тераниг лоьхуш ваьлла леларх,
    Сан бlаьрсина цкъа а карор доцу,
    хьайн дагах ма тера ду хьан йелар.
    Минцаев lальви 19.02.2023 шо
    телеграм : t.me/hazayoza

Komentáře • 2

  • @user-py4ki5ci1z
    @user-py4ki5ci1z Před rokem +3

    Дала вахавойла хьо иштта хаза байташ язъян,Альви!

    • @hazayoza
      @hazayoza  Před rokem

      Дела реза хуьлда хьуна!